Вайн даймехкан турпала къонах пулеметчик Нурадилова Ханпаша, цо мостаг1чун 920 салти а, эпсар а х1аллаквина

ТIемало-турпалхо, тIемало-леча, тIемало-къонах – иштта ю турпалхочун-пулеметчикан, гвардин лакхарчу сержантан комсомольцан Нурадилов Ханпашин бакъйолу цIе.

Иза майрачарех, уггаре а майра, доьналла долуш болчарех уггаре а доьналла долуш вара. Даймехкан къонахчунна, лаьмнийн лечанна Нурадиловна дукхабезара шен Даймохк, даггара дукхабезара. Иза мостагIчунна дуьхьал воьдура, юха ца хьожуш, дуьхьал воьдура майрра, сихха. Ханпаша Iожаллех кхоьруш вацара – цо кхерайора иза.

Нохч-ГIалгIайчуьра фронте а веана, Нурадилов Ханпашас шегара гайтира нохчийн турпалчун халкъан тоьлашха йолу амалш – цуьнан турпалалла, лечин хьуьнар, цуьнан майралла, юхавер воцуш хилар, къонахалла, доьналла. Кавказан турпалхойн иллешкахь дуьйцуш долу хьуьнарш гойтуш вара турпалхо Х.Нурадилов.

Ханпаша могIарера бIаьхьо вара. Юккъерчу дегIера, оьзда волчу цунна ца дезара шен хьуьнарех лаьцна дийцар, амма чIогIа дукхадезара низам а, шен пулемет а. Дуккхазза а мостагIчунна дуьхьал нислуш, иза гуттар а тIамера толамхо хуьлий волура.
Шен пулемет етташ, Нурадиловс хIаллаквина 920 фашист, схьаяьккхира мостагIчун 7 пулемет, 12 фашист йийсаре валийра. ТIаьхьарчу цхьана тIамехь Нурадилов Ханпашас хIаллаквира 250 сов фашист.

Турпалхочунна шозза чевнаш йира, дIаоьхуш дара цIий, ницкъаш гIеллуш бара, амма иза юха ца волуш лаьттира. ТIаьххьара патарма чекхбаллалц юьйлуш яра цуьнан пулемет, тIелеташ болчу фашисташна дIаьндаргаш етташ. Турпалхо кхелхира хьомечу Даймехкан майра къонах санна, амма цуьнан хьуьнарш лийр долуш дац.

Правительствос ЦIечу Седанан орденца билгалдехира турпалхочун бIаьхаллин хьуьнарш. Нурадилов Ханпашин цIе дозаллица йохур ю берриге а махко, дерриге а советийн халкъо. Цуьнан сий бIешерашкахь дехар ду.

БIаьхо, хьажал турпалхочун, лаьмнийн лечин, пулеметчикан Нурадилов Ханпашин турпалаллин суьрте! Хьуна а, хьан накъосташна а тIамехь майраллин масал хуьлда Кавказан турпалхочун, нохчийн халкъан кIентан тIеман хьуьнарш.

ЦIен эскархо, карахь ондда лаца топ! Гвардейцан-комсомольцан Нурадиловн цIе санна ерриге а фронтехь хьайн цIе сийдарца екаре кхача. Хьайх лаьцна иллеш бохуьйтуш тIемаш бе мостагIчуьнца. Даймохк хьох тешна бу, бIаьхо, теша хьан ницкъах, хьо юхавер воцуш хиларх, хьан къонахаллах.

Варийлахь, ледара ма хилалахь! Лийр воцу турпалхо Нурадилов Ханпаша санна майра хилалахь. ТIамехь кхерар хIун ду ца хууш, майралла тоьла Iожаллел, нохчийн халкъан майра кIант тоьлла ма-хиллара.

Фашист аша вийна турпалхо-пулеметчик. Ткъа ахь иза ве, бIаьхо, сихха ве, массарал а дукха байъа уьш, тIаккха ахь толам боккхур бу.

Даймахко сий дийр ду хьан, нанас а, хIусамнанас а, охьаоьхуш хазахетаран бIаьрхиш а долуш, баркалла эр ду хьуна. Толам хьан карахь бу, карара ма балийтахь иза – ве мостагIа!

Гитлерхойн декъий алссам мел хили, герга хир бу толам, цхьа а мостагI дIа ма вахийта, ве иза!

 

 

Камилла Чабаева