Салаватан ницкъ

Дерриге а Мухьаммад Пайхамарна ﷺ Салават а дуьллуш дан деза

 

Цхьана жуьгтичо, ша генарчу махка ваха араволуш ву аьлла, шен луларчу бусалба стаге лардан деза мухIар делла хилла. Лулахочо, схьаэцна, жуьгтичунна хьалхха, цу шинна бен ца хуучу меттиге дIадиллина и мухIар.

Цхьажимма хан а ялийтина, къайлаха чу а веана, лулахочо дIадиллинчуьра схьа а эцна, и шен мухIар дIадаьхьна жуьгтичо. Генна хIорда чу кхоьссина цо и мухӀар.
Иза иштта къайла а даьккхина, бусалба нахах теша мегар дац, уьш къуй а, ямарт нах а бу ала лууш хилла цунна.
Цхьа хан яьлча, цIавеана, мухIар Iалашдарна баркалла а олуш, иза дIадахьа лулахо волчу веана жуьгти.
Бусалба стага аьлла: «Дерриге а Мухьаммад Пайхамарна ﷺ Салават а дуьллуш дан деза».
Салават а диллина: «МухIар цхьанхьа а ца дахана, цкъа хIума юур ю вай», – аьлла, жуьгти шен шуьне кхайкхина цо.
Цу дийнахь чIерий леца ваханчу бусалба стага боккха чIара лаьцна хилла.
Жуьгти кхаьрга вогIучу хенахь, цуьнан зуда цу чIерах яахIума еш хилла. Шен майрачуьнга дIа а кхайкхина, цу чIеран кийрара ша схьадаьккхина мухIар дIагайтина зудчо. Лулахочо-жуьгтичо шега лардан делла мухIар а девзина, чIогIа цецваьлла хилла бусалба стаг.
Цу балхана тIаьхьа цакхиарна, гIеххьа воьхна а волуш, жуьгти волчу чоьхьа ваьлла иза.
ХIара юьхьа тIера хийцавелла а гина, жуьгтичо аьлла: – Кху сохьта ас хьайга делла мухIар охьадиллал!
Цо шега сел юьхь йоцуш шийла аларна, новкъа а деана, делахь а, собарх ца вухуш, лулахочо жоп делла: – Дерриге а Мухьаммад Пайхамарна ﷺ салават а дуьллуш дан деза.
Салават а диллина, жуьгтичуьнга цуьнан мухIар дIа а кховдош, цо аьлла: – Со цец мухIар дарах ца ваьлла, суна тамашийна хеттарг иза карадар ду.
Жуьгти, цецваларна, Iадийна хилла, лулахочо шега мухIар схьаделча. Цо дехар дина шен лулахочуьнга: – Хьайн Сийлахьчу а, Везачу а Делан дуьхьа дийца суна, мичахь карийна хьуна сан мухIар?
Бусалба стага аьлла: – Ас тахана Iуьйранна лаьцначу чIеран кийрахь сан зудчунна карийна иза.
Оцу балхах цецваьлла а, воьхна а волчу жуьгтичо чIогIа дехар дина бусалба стаге: – Суна бусалба хила лаьа, хIун дан деза ас иза хилархьама? Суна гуш ду мел нийса а, комаьрша а ву АллахI-Дела!
Бусалба стага шахIадат даладайтира цуьнга, иштта, Ислам-дин тIеийцира оцу жуьгтичо.

 

А. МУСАЕВ

№30 (3423)

Фото взято из открытых источников