Иччархо Идрисов Абу-Хьаьжа — Советски союзан Турпалхо, цо х1аллаквина 349 фашист

Даймехкан турпалхо Абу-Хьаьжа Идрисов вина 1918 шеран 17 майхь БердакӀелехь ахархон доьзалехь. Юьхьанцара школа чекхъяккхинчул т1аьхьа, «Советан Росси» колхозехь жаӀу болх бира цо. 1939 шарахь ЦӀен эскаре дӀакхайкхира. Иза вара Балтикайистехь йолу 125-гӀа гӀашлойн дивизехь. Цо Ӏамира пулемётчикан говзалла.

Даймехкан тӀом дӀа ма болабелла дуьйна цун юкъехь дакъа лоцуш вара. 1941 шеран июлехь цуьнан дивизи яра дуьхьало яш Псков – Велики Луки сизан тӀехь Ильменин а, Селигеран а юккъехь. Идрисов вара шен накъосташца тӀелеташ болу немцойн дуьхьало яш. Цу хенахь хилира иза иччархо.

Шен дот цо ша-тайпа кечйира мостагӀ волчу агӀора готта а, шуьйра а Ӏуьрг дитин. Цо цхьацца патарма кхуссуш 22 фашист винера. Хьаькимашас иза хиъча цунах иччархо вира.

Кеста цуьнан цӀе евзира еррига Къилбаседа-Малхбузен фронтан. Цунах лаьцна газеташ тӀехь статьяш язйора, иза гӀо дан кхойкхура кхечу фронтан дакъошкан. 1942 шеран октябрехь иза кхайкхира халачу фронтан дакъа долчу. Цигахь мостагӀ тӀелатаран кхерам бара. МостагӀ тӀелетта чу хенахь иччархой цуьнан эпсараш хӀаллак бан болабелира. ГӀашсалтий иччархойн гӀонца фашистийн масийтта тӀелатар юхатуьхуьра. Идрисовс ша тӀеман 10 динахь 100 гергга немцойн салти а, эпсар а хӀаллаквира.

1943 шеран апрелехь Идрисовс хӀаллак винера 309 фашист. Иза бакъдора Идрисов юкъахь волу 370-гӀа гӀашлойн дивизин хаамехь. 1944 шеран мартехь цо хӀаллаквинера 349 фашист. Иза Советски Союзан Турале цӀе яларан хьалхатеттинера. 1944 шеран апрелехь цун уллехь иккхина минас иза лазинера. Иза 4 баттахь Ӏиллира Горький гӀалин госпиталехь. ТавелчулатӀехь иза цӀера деккхина халкъан векал ву аьлла Кхазакхстанехь Ӏийра: хьалха Алма-Атахь, тӀаккха Талды-Курганан областехь. Иза вара жа лелош.

Бакъ волчу турпалхочух лаьцна стенд хьайиллира 1944 шарахь Мозовецкехь фронтан тӀеман гайта хӀотторехь. Цу тӀехь яра цуьнан иччархон топ а, суьрташ а. Бухахь яздина йоза дара: «Нохчийн халкъан сийлахь кӀант Советски Союзан Турпал Абухаджи Идрисовс хӀаллакхвира 300 сов немцойн салти».
Даймахке цӀа вирзира Абу-Хьаьжа 1957 шарахь. Валлалца ша вина махкахь вехира иза. 1983 шеран 22 октябрехь хедира цуьнан дахаран некъ.
Командованин тIедахкарш дика кхочушдарна, фашисташца хиллачу тIемашкахь шегара майралла а, хьуьнар а гайтарна, СССР-н Лакхарчу Советан 1944-чу шеран асаран (июнь) беттан 3-чу дийнахьлерчу Указаца «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе а, Ленинан цIарах йолу орден а, «Дашо седа» мидал а йелла цунна.Абухаджи́ (Абухажи́) Идри́сов (1918 шеран 17 май, БердакӀел – 1983 шеран 22 октябрь, Соьлжа-ГӀала, СССР) – Даймехкан тӀеман декъашхо, иччархо, лакхара сержант, Советски Союзан Турпалхо.

 

 

Иман Хубазова