Ма чIогIа оьшу-кх ненан мотт

ХIунда оьшу вайна ненан мотт Iалашбан а, денбан а, дуьненаюкъарчу тIегIане баккха а?

Мотт Iалашбан беза… Вовшашлахь ненан маттахь дистхилча, кхетаме а, маслаIате а хуьлу вайн къамелаш. Хийла вас а, девне  юкъаметтигаш а диканца дIаерзайо вай ненан маттаца.

Нохчийн мотт шира хилар билгалдаьккхина меттан Iилманчаша, уггаре  лахара а 6000-8000 шо хьалха буьйцуш хилла бу вайнехан мотт (оцу хааман хьоста: http://iseees.berkeley.edu). Ширачу исторера долу йозанаш вайн маттахь кхеталуш хилар цхьа а шеко йолуш дац (хийла меттигаш ю кхечу меттанашкахь ца тидалуш дерг нохчийн маттахь тидаделла). Цунна, дуьненан историна а оьшу вайн мотт Iалашбар. И декхар вайна тIехь ду. Цул сов, вай жима къам а долу дела, шуьйра лелабеш бацахь, Iалашбан хала хир ду вайна вайн мотт.

Тахана, боккхачу кхетамца, маттана лерина де билгалдаьккхина вайн Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Дела реза хуьлда цунна.

Дуьненанаюкъара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин талламашкахь дIабаларна кхерам бу аьлла билгалбаьккхина пхи бIе гергга мотт бу, царах цхьаъ вайн мотт а бу, хIетте, кхидолу меттанаш санна, боккхачу кхерамехь бац цкъачунна.

ХIинца хIун до вай? Муха денбан а, баржо а беза вайн ненан мотт?

Сан кхетамехь, мотт безар а, эн ца беш бийцар а коьрта хила деза хIора нохчичунна. ШолгIа, цхьа урхалла хила еза, массара а къобал еш, вайн мотт денбеш, кхиош къахьоьгуш. Цу декъехь шен хуьлу жамIаш массарна а дIахаийта, довзийта онда гIирс а хила беза оцу урхаллин.

Уггаре вайн маттана кхераме дерг вайн маттаца кхин меттанаш эбар ду…  Эбар – маттана каш даккхар.

 

Iабдул-Хьамийд БАКИР

Суьрташ тIехь: дуьненан меттанийн карташ тIехь нохчийн меттан меттиг а, хьал а (1-чу суьртан хьоста: https://www.theguardian.com)

№ 23 (3016)

Добавить комментарий